Тахана , оханан беттан ткъе пхоьлг1ачу дийнахь,1алхан-Юьртара лоьмар 4 йолчу йуккъерчу йукъардешаран ишколехь

28.05.2025

Тахана , оханан беттан ткъе пхоьлг1ачу дийнахь,1алхан-Юьртара лоьмар 4 йолчу йуккъерчу йукъардешаран ишколехь, Нохчийн меттан к1иран графикаца, Айсет Сулеймановнас д1адаьхьира ловзар-къовсадалар. Хьехархочо а, дешархоша а ч1ог1а дика кечам бинера. Тобанашкахь жигара болх д1абаьхьира дешархоша. Дуккха а синк1оме т1едахкарш дара къовсамехь. Ишттачу белхаша г1о до берашна мотт бовзарехь а, кхиарехь а.